Сура An-Noor (24:1-64) | Нохчийн маттахь гоче йолуш хаза Къоръан дешар
Сура An-Noor (24:1-64) | Нохчийн маттахь гоче йолуш хаза Къоръан дешар 24:1 سُورَةٌ أَنزَلْنَٰهَا وَفَرَضْنَٰهَا وَأَنزَلْنَا فِيهَآ ءَايَٰتٍۭ بَيِّنَٰتٍۢ لَّعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ Сурат ду Оха ша доссийна долу‚ Оха ша перз дина долу‚ Оха доссийна цу чохь билгала долу аяташ – шу кхетара дацара-те. 24:2 ٱلزَّانِيَةُ وَٱلزَّانِى فَٱجْلِدُوا۟ كُلَّ وَٰحِدٍۢ مِّنْهُمَا مِا۟ئَةَ جَلْدَةٍۢ ۖ وَلَا تَأْخُذْكُم بِهِمَا رَأْفَةٌۭ فِى دِينِ ٱللَّهِ إِن كُنتُمْ تُؤْمِنُونَ بِٱللَّهِ وَٱلْيَوْمِ ٱلْءَاخِرِ ۖ وَلْيَشْهَدْ عَذَابَهُمَا طَآئِفَةٌۭ مِّنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ Кхахьпа лела зуда а‚ кхахьпа лела стаг а – тоха цу шиннах хIоранна бIе гIаж. Шун ма хуьлийла цу шиннах доглазар Делан динехь‚ нагахь санна шу хиллехь тешаш Делах а‚ эхар /догIучу/ дийнах а. Церан шиннан а таIзар гойла муъма нахах цхьана тобанна. 24:3 ٱلزَّانِى لَا يَنكِحُ إِلَّا زَانِيَةً أَوْ مُشْرِكَةًۭ وَٱلزَّانِيَةُ لَا يَنكِحُهَآ إِلَّا زَانٍ أَوْ مُشْرِكٌۭ ۚ وَحُرِّمَ ذَٰلِكَ عَلَى ٱلْمُؤْمِنِينَ Кхахьпа лелачу стага ялор яц кхахьпа лела зуда я /Делаца/ накъост лоцу зуда а бен‚ кхахьпа лела зуда юьгур яц кхахьпа лелачу стага я /Делаца/ накъост лоцучу стага а бен‚ – хьарам дина иза муъма нахана. 24:4 وَٱلَّذِينَ يَرْمُونَ ٱلْمُحْصَنَٰتِ ثُمَّ لَمْ يَأْتُوا۟ بِأَرْبَعَةِ شُهَدَآءَ فَٱجْلِدُوهُمْ ثَمَٰنِينَ جَلْدَةًۭ وَلَا تَقْبَلُوا۟ لَهُمْ شَهَٰدَةً أَبَدًۭا ۚ وَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْفَٰسِقُونَ Оьздачу зударшна тIе бехк кхуссуш берш /и нахаца лела аьлла/‚ тIаккха цара виъ теш ца валавахь – тоха царна езтIкъа гIаж – кхин церан тешалла къобал ма делаш цкъа а. Уьш – песакъ нах бу. 24:5 إِلَّا ٱلَّذِينَ تَابُوا۟ مِنۢ بَعْدِ ذَٰلِكَ وَأَصْلَحُوا۟ فَإِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ Шаьш цул тIаьхьа тоба а дина‚ дика Iамал йинарш боцурш – тIаккха‚ баккъалла‚ Дела гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву. 24:6 وَٱلَّذِينَ يَرْمُونَ أَزْوَٰجَهُمْ وَلَمْ يَكُن لَّهُمْ شُهَدَآءُ إِلَّآ أَنفُسُهُمْ فَشَهَٰدَةُ أَحَدِهِمْ أَرْبَعُ شَهَٰدَٰتٍۭ بِٱللَّهِ ۙ إِنَّهُۥ لَمِنَ ٱلصَّٰدِقِينَ Шайн зударшна бехк кхуссуш берш‚ шайна тешаш боцуш‚ шаьш бен‚ – царех цхьанно тешалла дойла Делаца доьазза‚ баккъалла а‚ ша бакълуьйчарех ма ву‚ аьлла. 24:7 وَٱلْخَٰمِسَةُ أَنَّ لَعْنَتَ ٱللَّهِ عَلَيْهِ إِن كَانَ مِنَ ٱلْكَٰذِبِينَ ПхоьзлагIа Делан неIалт хуьлда шена‚ нагахь санна ша хиллехь харцлуьйчарех‚ аьлла. 24:8 وَيَدْرَؤُا۟ عَنْهَا ٱلْعَذَابَ أَن تَشْهَدَ أَرْبَعَ شَهَٰدَٰتٍۭ بِٱللَّهِ ۙ إِنَّهُۥ لَمِنَ ٱلْكَٰذِبِينَ Цунах /зудчух/ таIзар духатухур ду цо тешалла дарца Делаца диъ тешаллица‚ баккъалла а‚ иза /и шен майра/ харцлуьйчарех ма ву‚ аьлла. 24:9 وَٱلْخَٰمِسَةَ أَنَّ غَضَبَ ٱللَّهِ عَلَيْهَآ إِن كَانَ مِنَ ٱلصَّٰدِقِينَ ПхоьзалгIа Делан оьгIазло хуьлийла шена тIехь‚ нагахь санна и хиллехь бакълуьйчарех ‚ аьлла. 24:10 وَلَوْلَا فَضْلُ ٱللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُۥ وَأَنَّ ٱللَّهَ تَوَّابٌ حَكِيمٌ Делан комаьршалла а, Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара шуна тIехь‚ И Дела тоба къобалдийриг а‚ хьукма /нийса/ дийриг ца хиллехьара /хIаллакьхир дара шу/. 24:11 إِنَّ ٱلَّذِينَ جَآءُو بِٱلْإِفْكِ عُصْبَةٌۭ مِّنكُمْ ۚ لَا تَحْسَبُوهُ شَرًّۭا لَّكُم ۖ بَلْ هُوَ خَيْرٌۭ لَّكُمْ ۚ لِكُلِّ ٱمْرِئٍۢ مِّنْهُم مَّا ٱكْتَسَبَ مِنَ ٱلْإِثْمِ ۚ وَٱلَّذِى تَوَلَّىٰ كِبْرَهُۥ مِنْهُمْ لَهُۥ عَذَابٌ عَظِيمٌۭ Баккъалла а, и эладита деънарш – шух цхьа тоба ма ю. Шуна ма мотталаш и шуна вон ду. ХIаъ‚ и шуна дика ду. Царех хIора стагана къинах ша карадинарг ду. Царех шена тIе цуьнан /къинан/ доккханиг лаьцнарг – цунна доккха долу Iазап ду. 24:12 لَّوْلَآ إِذْ سَمِعْتُمُوهُ ظَنَّ ٱلْمُؤْمِنُونَ وَٱلْمُؤْمِنَٰتُ بِأَنفُسِهِمْ خَيْرًۭا وَقَالُوا۟ هَٰذَآ إِفْكٌۭ مُّبِينٌۭ И шайна хезча хIунда ца моьттура муъма божаршна а‚ муъма зударшна а шайн дегнашкахь диканиг‚ цара хIунда ца элира: "ХIара билггала эладита ду-кх?" 24:13 لَّوْلَا جَآءُو عَلَيْهِ بِأَرْبَعَةِ شُهَدَآءَ ۚ فَإِذْ لَمْ يَأْتُوا۟ بِٱلشُّهَدَآءِ فَأُو۟لَٰٓئِكَ عِندَ ٱللَّهِ هُمُ ٱلْكَٰذِبُونَ Виъ теш валийнехьара цара цунна тIехь. Цара тешаш ца балабахь – уьш бу Далла гергахь шаьш харцлуьйш берш. 24:14 وَلَوْلَا فَضْلُ ٱللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُۥ فِى ٱلدُّنْيَا وَٱلْءَاخِرَةِ لَمَسَّكُمْ فِى مَآ أَفَضْتُمْ فِيهِ عَذَابٌ عَظِيمٌ Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а ца хиллера шайна тIехь дуьненахь а‚ эхартахь а‚ шу лаьцна хир дара аша тIех дийцинчохь доккхачу Iазапо. 24:15 إِذْ تَلَقَّوْنَهُۥ بِأَلْسِنَتِكُمْ وَتَقُولُونَ بِأَفْوَاهِكُم مَّا لَيْسَ لَكُم بِهِۦ عِلْمٌۭ وَتَحْسَبُونَهُۥ هَيِّنًۭا وَهُوَ عِندَ ٱللَّهِ عَظِيمٌۭ
Название:
Сура An-Noor (24:1-64) | Нохчийн маттахь гоче йолуш хаза Къоръан дешар
Категория:
Разное