Сура Nooh (71:1-28) | Нохчийн маттахь гоче йолуш хаза Къоръан дешар

12+
12+

3 просмотра

13 дней назад

ПожаловатьсяНарушение авторских прав
12+
12+

3 просмотра

13 дней назад

ПожаловатьсяНарушение авторских прав
12+
12+

3 просмотра

13 дней назад

Сура Nooh (71:1-28) | Нохчийн маттахь гоче йолуш хаза Къоръан дешар 71:1 إِنَّآ أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَىٰ قَوْمِهِۦٓ أَنْ أَنذِرْ قَوْمَكَ مِن قَبْلِ أَن يَأْتِيَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌۭ Баккъалла а, Оха вахийтира шен къомана тIе Нухь: "Кхерам таса хьан къамана цуна тIе лазош долу Iазап дале"‚ аьлла. 71:2 قَالَ يَٰقَوْمِ إِنِّى لَكُمْ نَذِيرٌۭ مُّبِينٌ Цо элира: "ХIай сан къам! Баккъалла а, со шуна билгала волу кхерамча ву-кх: 71:3 أَنِ ٱعْبُدُوا۟ ٱللَّهَ وَٱتَّقُوهُ وَأَطِيعُونِ Далла Iибадат де‚ Цуьнах кхера‚ суна муьтIахь хила! 71:4 يَغْفِرْ لَكُم مِّن ذُنُوبِكُمْ وَيُؤَخِّرْكُمْ إِلَىٰٓ أَجَلٍۢ مُّسَمًّى ۚ إِنَّ أَجَلَ ٱللَّهِ إِذَا جَآءَ لَا يُؤَخَّرُ ۖ لَوْ كُنتُمْ تَعْلَمُونَ /ТIаккха/ Цо гечдийр ду шуна шун къинош‚ тIаьхьатоттур ду шу /Iазап ца деш/ цхьана тоьхначу ханна - Iожалла кхаччалц. Баккъалла а, Делан Iожалла ша еъча тIаьхьа ца таттало‚ шу хууш хиллехь". 71:5 قَالَ رَبِّ إِنِّى دَعَوْتُ قَوْمِى لَيْلًۭا وَنَهَارًۭا Цо /Нухьас/ элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, аса кхайкхира /дин/ сан къаме буса а‚ дийнахь а. 71:6 فَلَمْ يَزِدْهُمْ دُعَآءِىٓ إِلَّا فِرَارًۭا Амма сан кхайкхамо уьш /динах/ бовдар бен алсам ца даьккхи. 71:7 وَإِنِّى كُلَّمَا دَعَوْتُهُمْ لِتَغْفِرَ لَهُمْ جَعَلُوٓا۟ أَصَٰبِعَهُمْ فِىٓ ءَاذَانِهِمْ وَٱسْتَغْشَوْا۟ ثِيَابَهُمْ وَأَصَرُّوا۟ وَٱسْتَكْبَرُوا۟ ٱسْتِكْبَارًۭا Баккъалла а, аса уьш мел кхайкхи Хьоьга шайна гечдан‚ цара шайн пIелгаш шайн лергий чудуьхкара /сан кхайкхар шайна ца хазийтархьама/‚ шайн бедаршца шайн кортош хьулдора /ца хазийтархьама/‚ уьш чIагIбелира /шайн къиной тIехь/‚ курабелира курабаларца. 71:8 ثُمَّ إِنِّى دَعَوْتُهُمْ جِهَارًۭا ТIаккха аса цаьрга кхайкхира чIогIа. 71:9 ثُمَّ إِنِّىٓ أَعْلَنتُ لَهُمْ وَأَسْرَرْتُ لَهُمْ إِسْرَارًۭا ТIаккха баккъалла а, аса цаьрга кхайкхира гучахь, аса кхайкхира цаьрга къайлах. 71:10 فَقُلْتُ ٱسْتَغْفِرُوا۟ رَبَّكُمْ إِنَّهُۥ كَانَ غَفَّارًۭا Аса элира: "Гечдар деха шаьш Кхиош-кхобуш волчу Деле‚ баккъалла а, Иза хилла дукха гечдешверг. 71:11 يُرْسِلِ ٱلسَّمَآءَ عَلَيْكُم مِّدْرَارًۭا Цо стигал йоуьйтур ю шуна алсам /догIица/. 71:12 وَيُمْدِدْكُم بِأَمْوَٰلٍۢ وَبَنِينَ وَيَجْعَل لَّكُمْ جَنَّٰتٍۢ وَيَجْعَل لَّكُمْ أَنْهَٰرًۭا Цо гIодийр ду шуна хьолаца‚ кIенташца‚ хуьлуьйтур ю шуна бошмаш‚ хуьлуьйтур ду шуна хиш-татолаш. 71:13 مَّا لَكُمْ لَا تَرْجُونَ لِلَّهِ وَقَارًۭا Шуна хIун хилла? ХIунда дог ца доху аш Деле /Иза/ лийрарца? 71:14 وَقَدْ خَلَقَكُمْ أَطْوَارًا Цо кхоьллина шу даржаца /цIа тIадам‚ тIаккха детина цIи хуьлуш‚ тIаккха - даьIахк хуьлуш‚ тIаккха цунна тIе жижиг латош…/. 71:15 أَلَمْ تَرَوْا۟ كَيْفَ خَلَقَ ٱللَّهُ سَبْعَ سَمَٰوَٰتٍۢ طِبَاقًۭا Шуна ца го‚ муха кхоьллира Дала тIеттIа ворхI стигал? 71:16 وَجَعَلَ ٱلْقَمَرَ فِيهِنَّ نُورًۭا وَجَعَلَ ٱلشَّمْسَ سِرَاجًۭا Цо хилийтира бутт царна чохь нур хилла‚ Цо хилийтира малх чиркх хилла. 71:17 وَٱللَّهُ أَنۢبَتَكُم مِّنَ ٱلْأَرْضِ نَبَاتًۭا Дала шу схьадовлийтира лаьттах орамат /санна кхуьуш/. /Адам лаьттах кхоьллира/. 71:18 ثُمَّ يُعِيدُكُمْ فِيهَا وَيُخْرِجُكُمْ إِخْرَاجًۭا ТIаккха Цо шу юха дIадерзор ду цуьнга /лаьтте/‚ схьадохур ду схьадахарца /къематдийнахь/. 71:19 وَٱللَّهُ جَعَلَ لَكُمُ ٱلْأَرْضَ بِسَاطًۭا Дала хилийтина шуна латта кIел куз санна. 71:20 لِّتَسْلُكُوا۟ مِنْهَا سُبُلًۭا فِجَاجًۭا Шу цуна тIехахула лелийтархьама шайна шуьйра некъаш луьйцуш". 71:21 قَالَ نُوحٌۭ رَّبِّ إِنَّهُمْ عَصَوْنِى وَٱتَّبَعُوا۟ مَن لَّمْ يَزِدْهُ مَالُهُۥ وَوَلَدُهُۥٓ إِلَّا خَسَارًۭا Нухьас элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, цара суна Iесалла йи‚ уьш тIаьхьахIоьтти шен бахамо а‚ шен доьзало а шайна эшал бен сов ца яьккхинчунна. 71:22 وَمَكَرُوا۟ مَكْرًۭا كُبَّارًۭا Цара йи йоккха мекарло‚ 71:23 وَقَالُوا۟ لَا تَذَرُنَّ ءَالِهَتَكُمْ وَلَا تَذَرُنَّ وَدًّۭا وَلَا سُوَاعًۭا وَلَا يَغُوثَ وَيَعُوقَ وَنَسْرًۭا Цара элира: "Ма биталаш шайн делий а‚ ма виталаш Вадда а‚ СуваI а‚ ЯгIус а‚ ЯIукъ а‚ Наср а!" 71:24 وَقَدْ أَضَلُّوا۟ كَثِيرًۭا ۖ وَلَا تَزِدِ ٱلظَّٰلِمِينَ إِلَّا ضَلَٰلًۭا /Нухьас доIа дира/: "Цара тилира дукханаш‚ зуламхой сов ма бахалахь тиларций бен". 71:25 مِّمَّا خَطِيٓـَٰٔتِهِمْ أُغْرِقُوا۟ فَأُدْخِلُوا۟ نَارًۭا فَلَمْ يَجِدُوا۟ لَهُم مِّن دُونِ ٱللَّهِ أَنصَارًۭا Шайна гIалатех /къинойх/ уьш хича бахийтира‚ тIаккха цIерга бахийтира‚ царна ца карийра Дела воцург гIоьнчий. 71:26 وَقَالَ نُوحٌۭ رَّبِّ لَا تَذَرْ عَلَى ٱلْأَرْضِ مِنَ ٱلْكَٰفِرِينَ دَيَّارًا Нухьас элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахьа ма виталахь лаьттан тIехь цатешачарех цхьа а цIа чохь вехаш верг. 71:27

Название:

Сура Nooh (71:1-28) | Нохчийн маттахь гоче йолуш хаза Къоръан дешар

Категория:

Разное